ТIекхочийла долу линкаш

Обама-Iаббас: машар оьшу Израилна а, Палестинина а



Малхбале вахана волчу Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака гΙулчаш йоху Израил Ιаьрбан мехкашца берта ялорехь.

Палестинан автономехь, Рамаллехь, цигарчу президентца Ιаббас Махьмудца пресс-конференци луш, цо элира, Израилан а, палестинахойн а таронаш ю машаре баха, аьлла. Цуьнца резахилира Ιаббас а, «цхьаболу цакхетамаш дΙабаьхча», аьлла, тΙе а тухуш.

Шина а президента тΙечΙагΙдира палестинахойн пачхьалкх когахΙоттон езаш хилар а. Обамана хетарехь, Израило дукха палестинахой набахтешкахь кхобуш хиларо а йо машарна новкъарло.
XS
SM
MD
LG