ТIекхочийла долу линкаш

Евробертах яла герга ю Кипр



Кипран президента Анастасиадес Никоса политикан партешна юкъахь барт хуьлу некъ кхайкхийна махкара финансийн кризис эшорехь. «Бертан инвестицин фонд» кхолла догΙу пачхьалкхахь йолчу фирманийн лаамца, церан таронех, аьлла хета Анастасиадесна. Цуьнца сохьташкахь дагабевлла политикан лидерш, уьш реза бу банкашкара ял яккхарца кризис ерзор нийса дац бохуш волчу президентан ойланца.

Кипрна карон деза шен таронашкара 6 миллиард евро ахча. ТΙаккха бен Европа реза яц цо цуьнгара доьху декхар – 13 миллиард евро дала. Оцу юкъанна Москох ахча деха вахана ву Кипран финансийн министр.
XS
SM
MD
LG