ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цзин Пин Си Путин волчохь



Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цхьанакхетар хилла Москох веъначу Китай куьйгалхочуьнца Цзин-Пин Сица. Шайн пачхьалкхаша доккха дакъа дΙалоцу дуьненаюкъарчу дахарехь, къаьсттина йохк-эцарехь, билгалдаьккхира цу шимма.

Дарже керла хΙоьттина волчу Китайн лидера шен дуьххьара визит Оьрсийчу яр доккхачу маьΙне дуьллу дуьненаюкъарчу агенталлаша. Путина а хадийра оцу хиламан мах – Китайнний, Оьрсийчоьнанний юкъаметтигашна керла болар луш ду иза, элира цо.

Оьрсийчоьнна электосурсат йохка аьтто бо и ца тоьаш йолчу Китайно. Оьрсийчуьра мехкдаьтта а, газ а йохкаран хьокъехь барт а бу шина куьйгалхочунна куьйгаш яздан кечбина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG