ТIекхочийла долу линкаш

Хьиджабаш ма лелайойла



Ставропол-мехкан Ιедало ша долчохь зудаберашна хьиджабаш лело доьхкуш арахецна низам бакъдина цигарчу кхело. Нохчийн адвокат Мусаев Мурад вара и низам конституцица ца догΙу, аьлла, кхеле озавелла. Низам харцдеш, кхеле бевлларш махкарчу школашкахь доьшучу деа беран да-нана дара. Ша кхелан сацамна реза вац, кхидΙа а къийсалур ву, боху адвоката Мусаев Мурада.
XS
SM
MD
LG