ТIекхочийла долу линкаш

ПаргIато гена ю Кипрна



Кипран финансийн министра Саррис Михалиса хаам бина шен махкахошка, Европерчу кредиторашца юхалург ахча далар дийцаре дечахь «мелла а прогресс ю», аьлла. Никосийхь шоьтан дийнахь къамел деш, цхьаццадерг дийцаре данза дуьсуш ду, бохура цо. Финансийн кризисах пачхьалкх къелхьара яккхаран къамелаш дерзанза ду Кипрехь. Хьалхо парламенто тΙе ца ийцира кризис эшон оьшучу ахчан дакъа банкашкара оьцу ял совьяккхарца карош болу некъ.

Оршотде тΙекхачале ахча Кипрна ца карадахь, ша шегара а лур дац дала дийцаре дина 13 миллиард евро, боху Европан юкъарчу банко. Брюсселехь Еврозонин финансийн министрийн кхеташонехь йийцаре йийр ю Кипрера кризис.
XS
SM
MD
LG