ТIекхочийла долу линкаш

Риман керла Папа Бенедикт ХVI волчохь



Дукха хан йоццуш Риман килсан коьрте хаьржина волу Папа Франциск цхьаьнакхийтира шоьтан дийнахь шел хьалха оцу даржехь Ιийначу Бенедикт 16-чуьнца. Иза нисделла Римана гена йоцчу папийн хΙусамехь Кастель-Гандольфохь.
Католикийн килсан эсехь ишттаниг цкъа а хилла дац, папанаш, хилларггий, керланиггий цхьаьнакхеташ, билгалдоккху прессано. 76 шо долчу Аргентинера волчу Папин, немцойх схьаваьллачу Бенедиктца нисделла къамел довзуьйтуш дац.

600 шарахь хилла доцург дара Риман килсехь цхьа Папа, дийна а воллуш, даржах валар.
XS
SM
MD
LG