ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелхина Березовский Борис



Диссидент совдегар, политик 68 шо долу Березовский Борис кхелхина шоьтан сарахь Лондонехь. Цунах лаьцна Фейсбукехь яздина цуьнан невцо Шуппе Егора.

Билггал валар муха нисделла хууш дац цкъачунна. Березовскийн адвоката Дубровинский Александра яздо интернетехь, ша шек ву иза шен Ιожаллах веллачух, бохуш.

2003-чу шарахь Ингалсено политикан тховкъело еллера Форбс-тептаро 1 миллиард 300 миллион долларан да ву бохуш волчу Березовский Борисна.

Оьрсийчоьно Березовский бехкевора цо пачхьалкхехь алссам ахча лачкъийна бохуш. Амма ша совдегаро цуьнан бахьана ду олура Путин Владимирца ша эгIар. Иза тешна вара нийсо Оьрсийчохь тоьлур хиларх. Дукха хан йоцуш иза цо элира Маршо Радионе.

Березовский: «Путинан режим конституцица йогΙуш яц, и аьлла Оьрсийчохь миллионашна а хета, иза цхьаъ ду, шолгΙа делахь, цхьана а хΙумано хуьйцур бац соьгара и тешам. Дика делахь а, вон делахь а, цхьаммо а ца тешийна со Путинан режимо Оьрсийчоь йохош яц бохучух. Со цунах вуьззина тешна ву, цундела ас дерриг а дийр ду и режим ша йохаре а ца хьоьжуш йохорехь».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG