ТIекхочийла долу линкаш

10 миллиард евро кредит лур ду Кипрна


Дефолт хила масех сахьт диссинчу хенахь Евроберто а, дуьненаюкъарчу кредитораша а барт бина Кипрна 10 миллиард евро барамехь финансин гIо дан. Цул хьалха Евробертан а, Европан Коьртачу Банкан а, Дуьненаюкъарчу валютан фондан а куйгалхоша Брюсселехь 10 сохьтехь дагадовларш дIадаьхьира Кипран президентаца Анастасиадис Никосца.

Цара бинчу бертаца а догIуш, дIакъовлуш ю цу пачхьалкхехь яккхийчерах шолгIа йолу Laiki олуш йолу банк. Ткъа уггара Кипран йоккхах йолчу Bank of Cyprus олучу банкана реконструкци йийр ю. Цу сацамна гIортор йина еврозонина юкъайогIучу пачхьалкхийн финансийн министрша.

Нагахь и сацамаш кхоччуш тIе ца эцахь, дуьненаюкъарчу кредитораш даре дийра ду Кипр банкрот хилар. Цул тIаьхьа цара дIайолор ю и пачхьалкх еврозонина юкъара дIаяккхаран процесс.

Оьрсийчоь реза яц Кипрера финансийн кризис дIаерзоран планана.
XS
SM
MD
LG