ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистане вахана Керри Джон


ЦIеххьана визитаца ОвхIанистане вахана Iамеркан Пачхьалкхан секретар Керри Джон. ОвхIанан куьйгалхошца иза дагахь ву цу пачхьалкхан ницкъаллин структурашка махкахь кхерамазалла ларяър дIадалар дийцаре дан.

Шина агIоно тIеэцначу планаца а догIуш, 2014-гIа шо чекхдолуш ОвхIанистанера дIадаха дезаш ду Iамеркан эскарш. Амма цул тIаьхьа а цу пачхьалхкарчу кхерамазаллин ницкъашна гIо дан дагахь ю Цхьаьнатоьхна Штаташ.

Оршотан дийнахь Iамеркан эскархоша официала кепара овхIанхошка дIаелира Баграмерчу шайн тIеман базана уллохь йолу Парван-набахта. Меттигерчу Iедалша дош деллла, Iамеркахоша кхераме лоруш болу цу набахтера тутмакхаш дIахоьцур бац шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG