ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь лазийна гIаттамхойн армин буьйранча


Шемахь Деир аз-Зоир олучу провинцехь, эккхийтар а дина, лазийна гIаттамхойн Армин буьйранча Аль-Ассад Риад. Британехь туп тоьхначу Шемарчу бакъонашларярхоша чIагIдарехь, муьлш бу ца хуу нах ве гIоьртина и стаг. Лазийнарг дарба дан дIахьажийна луларчу Туркойн махка.

Цкъачунна и тIелетар шаьш дина аьлла гучубевлла нах бац. Аль-Ассад Риад вара Шеман Армера гIаттамхошкахьара бевллачу дуьххьарлерчу эпсаршна юкъахь. Оршотан дийнахь Шеман оппозици официалан векал хилла шайн мехкан цIарах Iаьрбийн Пачхьалкхийн Лигехь.
XS
SM
MD
LG