ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Банги-гIала керла эскархой хьажийна Францино


Францино чагIйина шен Юккъерчу Африкин Респуликехь йолу тIеман контингент. Габонера цига хьажийна кхин а 350 эскархо. Карарчу хенахь 600 гергга Францин эскархо ву дIатарвина Юккъерчу Африкин Респуликан коьртачу гIалан Банги-н дуьненаюкъарчу аэропортехь а, Францин векалаллехь а.

КIирандийнахь гIаттамхоша дIахьедар дира, Банги-гIалара президентан цIа дIалаьцна шаьш аьлла. Амма цу чохь ца хилла цу мехкан президент Бозизе Франсуа. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, Юккъерчу Африкин Республикан президент махкахваьлла. Карарчу хенахь иза ву луларчу Конгохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG