ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен ракеташ Iамеркана тIехьажийна Пхеньяно


Къилбаседа Корейн ракеташ тIехьажийна Iамеркан Гуамехь а, ХIаваяшкахь а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн территори тIехь а йолчу тIеман базанашна. Цунах лаьцна хаам бина Корейн коьртачу телеграфан агенталло. Цо дийцарехь иза жоп ду Iамеркан бомбанаш туху кеманаш леларна Пхеньяно делла долу.

Корейн ахгIайренан Къилбехь тIеман Iамораш дIахьуш ду Iамеркан а, Къилба Корейн а эскарш. Кху деношкахь Iамеркан Цхьаьнатохначу Штаташа а, Къилба Корейно а тIеман протокол тIеэцна, Пхеньянах схьаболучу кхерамна цхьаьна дуьхьал латта аьтто луш долу.

Корейн ахгIайренехь гIоьртина хьал хIоьттина, стохка Къилбаседа Корейно космосе спутник а яхийтина, кху шеран Чиллан-беттан 12-чу дийнахь зарратан герз зийначул тIаьхьа. И бахьана долуш Пхеньянна дуьхьал кхайкхийна йолу санкциш чIагIйина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG