ТIекхочийла долу линкаш

Полицин пхи белхахо вийна ОвхIанистанехь


ОвхIанистанехь, Джелалабадехь, полицин декъанна тIелатар дина герзаца хиллачу наха. И бахьана долуш вийна мел лаххара а полицин 5 белхахо. Кхин а виъ чевнаш хилла ву. Меттигерчу полицин куьйгалхочо бинчу хаамца, цу тIелатарехь дакъалоцуш хилла мел лаххара а 8 Iожалхо.

Царах цхьаммо машен эккхийтина полицин кевнехь. Кхо стаг иккхина, полицин хIусам чу а ваьлла. Кхин а виъ стаг вийна хиллачу герзаш деттарехь. И тIелатар шаьш дина аьлла, дIахьедар дина тIалибаш.

Иза хилла Iамеркан Пачхьалкхан секретар Керри Джон ОвхIанистанехь визит дIахьуш а волуш.
XS
SM
MD
LG