ТIекхочийла долу линкаш

Шемара хьал дуьйцуш ю Iаьрбийн Пачхьалкхийн Лига


Шина денна лерина Iаьрбийн Пачхьалкхийн Лиган саммит йолаелла Катаран коьртачу гIалахь ДохIехь. Цигахь вист хилла Шеман цIарах йолу меттиг дIалаьцначу оппозицин куьйгалхо Аль-Хатиб Моаз. Цунна хетарехь, Iамерко мелла а алсам дакъалаца дезара Шемара конфликт дIаерзош.

Шемара зорбанан гIирсаш яздо, Лиго, шайн меттиг лачкъа а йина, бандиташка а, зуламхошка а дIаелла бохуш.

Саммитехь вист хуьлуш, Катаран эмиро Шейха Аль-Тхани Хьамад бин Халифа кхайкхам бира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоне, Шемахь ницкъ бар сацор Iалашонца жигаралла гайтахьара аьлла.

ДохIерчу форумехь иштта дийцаре дийр ду Израилан а, Палестинин а машаран процесс меттах яккхарх лаьцна хаттар а.
XS
SM
MD
LG