ТIекхочийла долу линкаш

Шен дарж дитина Bank of Cyprus куьйгалхочо


Кипрехь шен дарж дитина Bank of Cyprus олучу банкан куьйгалхочо Артемис Андреаса. Цуьнах лаьцна хаам бина меттигерчу зорбанан гIирсаша.

Хьалхо цу мехкан финансийн министро Саррис Михалиса бакъдира цу банкехь 100 эзар еврол сов ахча долчу нехан 40 процент хиллал ахча довр ду аьлла. Цо дийцарехь, Кипрера банкаш чIаьгIна хир ю Еарин дийне кхаччалц.

Кипрна гIо дар Iалашонца Къирандийнахь Европерчу кредитораша тIеэцначу программица а догIуш, карарчу хенахь цигарчу банкашна ахча лур ду Европан Коьртачу Банко. Ткъа Евроберто а, Дуьненаюкъарчу Валютан Фондо а луш долчу 10 миллиард евроно гIо дийр ду цу пачхьалкхана дефолтах къелхьара яла.
XS
SM
MD
LG