ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сеулаца зIе дIахадийна Пхеньяно


ЦIеххьана эшахь а аьлла Къилба Корейца тесна йолу телефонан тIеман зIе дIахадо сацам бина Къилбаседа Корейно. Би-Би-Си-но дийцарехь цу зIенах коьртачу декъана пайда эцара шина агIоно Къилбаседа Корейца цхьаьна пайда оьцуш йолчу Кэсон олучу индустрин центре Къилбакорейхой буьгуш.

Пхеньяно дийцарехь, зIе дIахадоран бахьана ду Iамеркан а, Къилба Корейн а эскархоша Корейн ахгIайренехь дIахьуш долу тIеман Iамораш.

Цигахь гIоьртина хьал хIоьттина, стохка Къилбаседа Корейно космосе спутник а яхийтина, кху шеран Чиллан-беттан 12-чу дийнахь зарратан герз зийначул тIаьхьа. И бахьана долуш Пхеньянна дуьхьал кхайкхийна йолу санкциш чIагIйина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG