ТIекхочийла долу линкаш

"Мемориале" талламца баьхкина прокурораш


Москох а, Петарбухехь а дIахьуш ду коммерцин йоцучу вовшахтохараллашна талламаш бар. Москох ял яккхаран полицин белхахой баханера Мемориал олучу дуьненаюкъарчу вовшахтохараллин хIусаме. Ткъа Петарбухехь прокуратуран белхахой талламш беш бара дискриминацина дуьхьал йолчу Мемориал цIе йолчу центрехь.

Цу центран директоро Абраменко Оьлгас Интерфаксе бинчу хаамца, церан кехаташ тIехь экстремизман билгалонаш лоьхуш бара прокуратурера талламхой.

Оьрсийчоьнан юстицин министралло дIахьедар дина, цу талламийн Iалашо низамо бохург кхочуш ца деш болу кхечу пачхьалкхийн агенташ Iора бахар ю аьлла.
XS
SM
MD
LG