ТIекхочийла долу линкаш

Туркойн Iедалшна критика йина Amnesty International


Дуьненаюкъарчу Amnesty International олучу организацино критика йина Туркойчоьнан Iедалшна, шайн махкахойн хетарг дIаала йолу бакъо йохорна. Адамийн бакъонашлаъярхоша кхайкхам бина туркойн Iедалшка, низамаш дахаран системина реформа яхьара аьлла.

Amnesty International-о кечдинчу рапорта тIехь дуьйцуш ду, Туркойчохь хIора шарахь бIеннаш политикан жигархой а, бакъонашларъярхой а, журналисташ а хьийзош хиларх лаьцна. Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, стохка Марсхьокху-баттахь дуьйна Туркойчохь лаьцна 76 журналист. Царах 60 стаг лаьцна цара беш болу болх бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG