ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарбанан цIийне охьавиллина Мандела


Пехашна инфекци а кхетта, хIоcпистале охьавижиqна Къилба Африкан Республикан президент хилла волу Мандела Нелсон. Цу пачхьалкхан президентан Зума Джейкобан канцелярино динчу дIахьедарца, Мандела дарбанан цIийне вигина буьйса юккъе яьлча.

Стохка ГIуран-баттахь 94 шо долу Мандела Нельсонна дарба дира изза цамгар а кхетта. Нобелан Машаран совгIат делла ву Мандела. Адамийн бакъонашкахьа къийсам латтийначу цу стага 27 шо даьккхина набахтехь.

1990-чу шарахь иза маьрша велира. Ткъа 1994-чу шарахь Манделас толам баьккхира президентан харжамашкахь. Цу кепара иза хIоьттира Iаьржачу басахь болчу бахархойх уггара хьалхара Къилба Африкан Республикан президент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG