ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIаагерчу Трибунало чувоьллина Боснера ши серб


1990-чу шерашкахь Боснехь тIом боьдуш зуламаш дарна хIоранна а 22 шо хан а тоьхна чувоьллина ХIаагерчу дуьненаюкъарчу Трибунало Боснера ши серб.

Царшинах цхьаъ, Станишич Мило, хилла цу хенахь Боснерчу сербийн республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министр. Ткъа шолгIа, Жуплянин Стоян, лаккхара дарж дIалоцуш хилла кхерамазаллин сервисехь. И ши стаг бехке вина Боснера бусулба нах а, хорваташ а байарна а, уьш къиза хьийзорна а.

Станишич ша трибуналана каравахара 2005-чу шарахь. Ткъа Жуплянин лецира полицино 2008-чу шарахь. И шиъ гIоьнча хилла ХIаагерчу Трибунало геноцид лелорна кхеле озийна волчу Боснерчу сербийн хилла волчу тIеман лидеран Караджич Радованан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG