ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерана кхерам тосуш рогIера гIулч яьккхина Пхеньяно


Къилба Корейхь а, Тийначу хIурда чохь а йолчу Iамеркан тIеман базашна тохарш дан кийча йолчу хьоле яьхна шен ракеташ Къилбаседа Корейно. Цу хьокъехь омра дина Къилбаседа Корейн лидеро Ким Чен Ын-а ПIераскан дийнахь эскаран куьйгалхошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Пхеньяно туьйсучу кхерамашна жоп луш Би-2 олуш долу Iамеркан бомбанаш туху кеманаш тIемадевлла лелла Къилба Корейн территори тIехула. Китайно, Iамеркана критика а ца еш, юха а кхайкхам бина массо а агIонашка Корейн ахгIайренехь лелош дерг хьокъехь сатухуш хилахьара аьлла.

Къилбаседа Корейн ю Скад олуш йолу Советан пачхьалкхехь йина йолу ракеташ. Уьш аьтто болуш ю Iамеркан Тийначу хIора чохь йолчу тIеман базанашна тIекхача.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG