ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь юкъараллин тобанашна талламаш бар тIех хIума хета Iамеркана


«Алмазашна тIе талла эхар» ду аьлла, дIахьедар дина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчохь Iедалех йозуш йоцучу организацишна талламаш бар. Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векало Нуланд Викторияс дийцарехь, хетало и талламаш ерриг а пачхьалкхехь болчу юкъараллин жигархошна новкъарло ян беш бу аьлла.

Шен агIора Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дина, шаьш талламаш бар могIарера болх бу аьлла. Амма цо билгалдаьккхина цу гIуллакхехь тIехдовла мегар дац аьлла. Цу проблемах лаьцна Путин Владимира дийцира Оьрсийчоьнан омбудсмен волчу Лукин Владимирца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Кху беттан 21-чу дийнахь дуьйна прокуратуро талламаш болийна Оьрсийчохь болх беш йолчу 90 сов организацина. Царна юкъахь ю «Мемориал» а, «Агора» а, Amnesty International а, Humаn Rights Watch а.
XS
SM
MD
LG