ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боснехь чувоьллина «Грбавицера Монстр» олуш хилла тIеман зуламхо


Боснерчу кхело, 45 шо хан а тоьхна, чувоьллина серб Влахович Васелина. 1990-чу шерашкахь Боснехь тIом боьдуш оцу лерринчу тIеман тобан декъашхо хиллачу стага къизаллаш лелийна сербхойн къомах боцучу нахан тIехь. Цундела, сербаш дIалаьцна йолчу Сараевон кIоштан цIе а хьахош, цунах олуш хилла «Грбавицера Монстр» олий.

Кхело бехке лаьрра Влахович 31 стаг верна а, 13 зуда хьийзорна а, бехк а боцуш ша лийцина болу нах къиза хьийзорна а, Сараево-гIалахь нахера, уьш кхера а беш, хIуманаш дIаяхарна а.

2001-чу шарахь Влаховича аьтто белира ша Чернигорехь дIалоцуш полицех къайла вала. Амма 2010-чу шарахь иза дIалецира Испанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG