ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сеулана тIом кхайкхийна Пхеньяно


Къилба Корейца тIамехь йолчу хьолехь ю ша, ткъа массо а шина махкана юкъахь лелхаш долу хаттарш хIинца дуьйна хьакъ доллучу агIора луьстур ду шаьш аьлла дIакхайкхийна Къилбаседа Корейно. Цу пачхьалкхан Iедало динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, муьлхха а питано кхоччуш тIеман конфликт а, зарратан тIом а болор бу аьлла.

Iамерко и дIахьедар баккъалла а тIеэцна, амма билгалдаьккхина цу тайпа Пхеньяно туьйсуш болу кхерамаш массарна а бевзуш бу аьлла. Къилба Корейно дIахьедар дина иза шира кхерам бу, амма керла юьхь йолу аьлла.

ПIераскана дийнахь Къилба Корейхь а, Тийначу хIурда чохь а йолчу Iамеркан тIеман базашна тохарш дан кийча йолчу хьоле яьхна шен ракеташ Къилбаседа Корейно. Цу хьокъехь омра дина Къилбаседа Корейн лидеро Ким Чен Ын-а.

Корейн ахгIайренехь гIоьртина хьал хIоьттина, стохка Къилбаседа Корейно космосе спутник а яхийтина, кху шеран Чиллан-беттан I2-чу дийнахь зарратан герз зийначул тIаьхьа. И бахьана долуш Пхеньянна дуьхьал кхайкхийна йолу санкциш чIагIйина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоно.

Сеула а, Пхеньяна герзаш деттар сацийна 1953-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна техникан кепехь вовшашца тIеман хьолехь ю ши пачхьалкх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG