ТIекхочийла долу линкаш

Iедалх йозуш йоцчу Оьрсийчуьра организацешна гIуданаш тоха йолаелла прокуратура.


Даханчу деношкахь талламаш бинчул тIаьхьа, Iедалх йозуш йоцчу Оьрсийчура организацешна гIуданаш тоха йолаелла оьрсийн прокуратура. Бакъонаш ларъяран «Агора» ассоциацин куьйгалхочо Чиков Павела яздина шен твиттерехь, хьалхара хаам, пхи бIе эзар сом гIуда тоьхначу Ростовера кхаьчна.

Зазадоккхучу-беттан тIаьхьарчу деношкахь прокуратурин, ял яккхаран сервисан а, финансийн министраллин а белхахой талла буьйлабеллера, Оьрсийчоьнан маьI-маьIIера бакъонийн организацеш.

Даханчу 2012-чу шарахь Оьрсийчохь болх бан доладелла, махкал арахьара ахчанаш оьцу йозуш йоцу организацеш «арахьара агенташ» санна дIаязъяла декхар еш долу низам. Цу керлачу цIарца дIаязъяла дуьхал хилла организацеш билгалъяха бина бу талламаш элираоьрсийн Юстицин министралло.
XS
SM
MD
LG