ТIекхочийла долу линкаш

Муха совцор бу Нохчийчуьра дIаоьхуш болу нах?


Нохчийчоь -- Соьлж-гlалахь кхаж тосучу куьпана хьалха хелхаволуш ву Кадыров Рамзан, 04Гlу2011

Нохчийчоь -- Соьлж-гlалахь кхаж тосучу куьпана хьалха хелхаволуш ву Кадыров Рамзан, 04Гlу2011

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хаамийн гIирсашкахь кест-кеста артиклаш язъеш хилар хууш ду массарна а. ХIинца къолам шаршорехь шен говзалла талла волавелла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Цуо „Известия“ газетехь зорбане яьккхина шен артикл, Малхбузене нах дIаэхарх лаьцна йолу.

„ХIунда аьлча - Даймохк“ - иштта патетикалле цIе ю оршот дийнахь „Известия“ газета тIехь араяьллачу артиклан. Цунна бухахь хIоттийна куьгайоза а ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан.

Артиклан цIаро ма гайтара, цу тIехь дийцаре даьхнарш ду, пачхьалкхан вахархочуьн цуьнга безам хила безар а, ткъа и безам бахархошна, нагахь санна иза цхьана хенахь Iедалан даржашкахь хиллехь-м муххале а, - Малхбузене эхийтар дехкийтарехь тоьшаллийца чIагIбина хила безаш хилар а.

Цу артикалца доьзна карла долу таханлерачу Оьрсийчоьнций, Нохчийчоьнций цхьана агIор, Малхбузенций вукха агIор доьзна долу, мел кIезга а, ши хIума.

Хьалхарниг – ши кIира а дац Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дозаллийца хаам баржийна, шайн Евробертаца эххар а визанийн режим малъяран хьокъехь барт хилла, аьлла. Цигахь башха дерг хIун дара аьлча, и визанаш ялар могIарерачу бахархошна малдина дац.

Оьрсийчоьнан куьйгалло Евробертаца къийсинарг дара бIе эзар сов волчу оьрсийн кIезга я дукха лакхарчу даржанашкахь болчу хьукматхошна визанаш ялар аттаче даккха бохург дара. Даймахке безам Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь а, иза цу тайпанчу политикана кхобалйинчу Кремлехь а кIезга хиларан тоьшалла ду те тIаккха, цара масех шарахь хьаькмашна Малхбузене дIасалела аьттонашкахь сел саьхьара къийсина хилар?

ШозлагIниг - кху тIаьхьарчу шина-кхаа шарахь инзаре лакха даьлла Европе схьаоьхучу Нохчийчуьрчу мухIажарийн терахь. Цхьаццадолчу хьостанаша дийцарехь, беккъа цхьана дIабаьллачу гIура баттахь 250 стаг араваьллера ДегIастанара Европе некъ юхьара лаьцна. Т

къа тенденци, олуш ма-хиллара, лакхайолуш ю. И хIума кхин дIа данне а доцуш санна Iен аьтто а ца хилла, Нохчийчуьрчу Iедало, дийцарехь, ша башха некъ лехна и мухIажаралла сацадан Iалашонца: тIаьхьарчу кIиранашкахь дозанал аравала бакъо луш долу паспорташ, кхин ца луш, сацийна республикехь, цигара кхаьчначу косташца. ХIинца ГIалгIайчу а, ХIирийчу а, кхечу Къилседа Кавказерчу республикашка а боьрзуш ву нохчий, шайна и паспорташ, цигахь къаьънаш а луш, дахийтархьама.

Кху деношкахь шайн доьзалшца Австрехь тховкIело еха баьхкинчу Соьлжа-гIаларчу мухIажаршца Саиева Медница а, цуьнан кхин йолчу Заретица а къамел хилира Маршо радион. Цара дуьйцу, адам Нохчийчура дIакхалхаран бахьанех лаьцна а, шаьш цIерадовларан бахьанехь а.

Саиева Медни: „Хи санна дIаоьхуш бу нах. Цундела сацийна паспорташ далар. Сарташ а даьхна, дозанал аравала паспортана кехаташ чудала ваханчу сан вешера, 50 сов шо а долуш волчу, кехаташ дIа ца эцна, паспорташ кхин луш дац, аьлла. Тахана кхечу махка а вахана, ахча а делла, даккхийта деза цуьнан иза. Ша ваха араваьллачуо миччахь а доккхийтар ма ду иза.

ДIа хIунда оьху нах? Со 4 бутт хьалха паспорт даккхийта яхча, цигахь инзаре дукха адам дара, 200 хуьлура, 300 стаг а хуьлура рогIехь лаьтташ. Цигахь шина -кхаа дийнахь лаьтташ берш а хуьлура. Дог а гIеллуш, охьалегара цхьаберш. Цхьаберш и рагI бахьана долуш леташ а нислора. „ХIун дийр ду оха, цхьанхьа болх бан меттиг а яц, сан пхи бер, сан ялх бер ду, тхайн бераш а эцна, цаьрга деша а дешийта, болх а лаха, дIадаха дохку тхо“, олура цара.

Кегийчу нах-а олура, "шаьшна ца лаьа дIадаха, цIахь дай-наной а дара шайн, амма ца дахча, дан амал доцучу хьоле девлла" шаьш, олий."

Iедало паспорташ ца даларх вада араваьлларг цаьрга сацалур вац, бохуш дуьйцу Меднис а, Заретас а кхин дIа а. Ткъа дозанал аравала бакъо луш йолу паспорташ Нохчийчохь ца даларх мискачу нахана зе хиларий, луларчу республикашкарчу Iедалхошна сахиларий бен, -цара уьш нохчашна кхьаънех дохур хиларна, - кхин цул совнаха жамI хир долуш гIулч яц, аьлла тена ю и шиъ.

Саиева Медни: „Хьажахь, тахана цара цу цIахь паспорташ сацоран, ГIалгIайчохь а, ГIебартахь а лур ма дуй уьш, ахча дIа делча. Цаьрга сацалур буй дIабаха бевлларш, цара цу махкахь вуьтуш ца хилча, са кхачийна хилча...“
Зарета: „Цига-м самукъа даьллий я хазаташий, я гай бахьана долуший воьдуш ваций цхьа стаг а.

Шен са дукъдича воьдуш ву. Йиша-вешех а хаьдда, ков-керт охьа а кхоьссина, гергарлонех а хаьдда, муьлш бу а ца хуучу нахана тIе хийрачу махка ваха атта ма дац. Берашна деша меттиг бац. Деша ишколе вахнарг а, берийн беша вахнарг а хьийзаво, кхетамкхиорхочуьн я хьехархочунна совгIаташна ахчанаш гулде, бохуш.

ХIора дийнахь дIадоьху ахчанаш. Кхетамкхиорхо маре йодахь, берашка совгIат эца олу, цунна партална чамданаш гулъеш ахча ло олу берашка, хьехархочун йина де даздан ахча гулде олу. Масане ду уьш. Луш пенси доцург хIума дац. Даа ца деза, мала ца деза, загIа лелон ца деза вуонехь а, диканехь а. Иштта тхайн йиш йоьхна арадевлла лелаш ду-кх тхо, дац хазахета лелаш-м“.

Саиева Медни: „Хьажал хьо, 10 бIе туьма пенси дара сан. Цунах сан тезетахь дала а дезара, сагIийна дала а дезара. Цунах берана эца а езара...“

Зарета: „ЦIийнда а ма вац хьан я кIант а вац...“

Саиева Медни: „Вац. Со суо цомгаш ю, инвалид ю, ши ког дIа ца лелаш. Ас хIун дан деза тахана?! И тхайн мохк беза а безаш, тIом болчу хенахь а тIаьхьа цу махкара дIа а ца доьлхуш, дерриге а ловш, Iийнера тхо...Схьабаьккхина нитташ а бухкийташ ца хилча, хьонка а бухкийташ ца хилча, цу махкара массо а хIуманна тIехиъна уьш хилча, шен даватIарг, мича гIо тхо, хIун де оха? Лей тхо?!“

Маршо радио: Иза дерриге а карладолу „Известия“ газетера артикал йоьшуш. Цхьана агIор, пачхьалкхан лакхарчу Iедалхоша шайн хьукматхошна маьрша Малхбузенехула лела бакъонехь шерашкахь кхуьйсуш, и бакъонаш царна йохуш хилар а, шаьшна а, шайн доьзалшна а Малхбузенехь таронаш Iалашъеш хилар а, - цуьнан тоьшалла ду, масала, кху деношкахь Кипрехь дIадехкина долу шайн миллионаш кIелхьара даха гIерташ Оьрсийчура Iедалхой а, совдегарш а саьхьара лелар, - ткъа вукху агIор могIарерачу нахана, шаьш садукъдарах бовдда хьаьгначу, и бовда некъ бехкар.

Авторо-м боху, и некъ могIарерачу бахархошна а ца боьхкуш, хьаькмашна бехка беза. Цуьнан дешнаш хезийла-кх Нохчийчоьнан мигрантийн гIуллакхашца йолчу хьукматийн белхахошна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG