ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Корейно юха а схьайоьллуш ю шен Йонбенера заррат реактор


Къилбаседа Корейно дIахьедар дина ша карлайоккхуш ю, 2007-чу шарахь дIакъевлина Йонбенера заррат реактор, аьлла. Пачхьалкхо урхалло дечу Ке-Си-эН-Эй агенталло тахана хаам бина, заррат комплексан берриг а гIирс болх бан болаболуьйту ю Пхеньян, уран кхиош болу чолхе гIирсаш а цхьаьна, аьлла.

Йонбенерчу реакторо плутоний кечдинера Къилбаседа Корейно 2006-чу а, 2009-чу а шерашкахь зийначу заррат герзашна. Реакторан цхьа дакъа вовшадаьккхинера, дуьненаюкъарчу бертаца а догIуш. Цунна дуьхьала 50.000 эзар тонна мазут делира пачхьалкхана.

ХIокхул а масех де хьалха, Къилба Корейно а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а цхьаний тIеман Iамораш дIадахьарна карзахъяьллачу Къилбаседа Корейн лидеро Ким Чен Уна шаьш «Къилба Корейца тIеан хьолехь ду» аьлла кхайкхийра.
XS
SM
MD
LG