ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанерчу тоькан станцина тIелатар дина. 7 стаг велла, 4 лачкъийна


Пакистанерчу полицино бечу хаамца, иттаннаш тIемалой тIелеттера Пакистанан къилбаседа-малхбузехь йолчу тоькан станцина. Мел лаххара а 7 стаг велла, кхин а 4 стаг лар йоцуш вайна Пешаварана уллехь динчу тIелатарехь.

Цул тIаьхьа Пешаваран докхах долу дакъа ток йоцуш диснера. Полицин лакхарчу эпсаро Ишакх Мохьмада аьлла, цхьа полисхо а, цхьа гIаролхо а вийна тоькан станцина хьалхара тIелатар дича. Цуьнан хьесапехь, 5 стаг закъалтана вигна, цул тIаьхьа вийна.

Церан декъий цу тоькан станцина цхьа чаккхарма генахь карийна. Цкъачунна цхьаммо а шена тIе ца лаьцна тIелатарх долу жоьпалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG