ТIекхочийла долу линкаш

Серби а, Косово а бертан къамелаш деш ю


Европан Берто юкхаралла а лелош, Сербин а, Косован а премьер-министрш Дачич Ивица а, Тачи Хашим а Брюсселехь рогIера дагадовларш дIахьуш ву, Белградан а, Приштинан а юкъаметтигаш тоян Iалашонца.

Ши агIо берте йогIуш хилар гайта, Сербин премьер-министран нуьцкъала когаметта Вучич Александр а тахана тIекхетта цу дагадовларшна. Сербин парламентехь уггар йоккхачех йолчу Прогрессиван партина куьйгалла деш ву Вучич.

Оццу хенахь, Сербин президенто Николич Томислава варе дина, Приштино шайна хьалха хIитточо чолхечу хаттарша шаьш хилла даьллачу хIуманна хьалха хIиттадо. Иза догдохуьйтуш дац» аьлла цо даханчу оршот дийнахь.

Европан Бартах кхета лууш елахь, шина а агIонна хьалха, дагадовларшкахь гуш болу кхиам гайтарца боьзна коьрта биллам хIоттийна Брюссело.
2008-чу шарахь Косовано ша йозуш ца хилар дIакхайкор ла ца ло Сербига. Иза къобалдан дуьхьала ю иза.
XS
SM
MD
LG