ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вовше кхерамаш туьйсуш ю Къилба Корей а, Къилбаседа Корей а


Къилба Корейно бахарехь, Къилбаседа Корейн индустрин зонехь болх беш бисинчу шайн махкахойн кхерамазалла Iалашъян, цара «хьесапе эцна мел йолу вариант, хила тарло тIом а цхьана.» Къилбаседа Корейно Кэсон Индастриал Парке тIевоьдийла дIакъевлинчул тIаьхьа кечъйина шаьш и план элира Къилба Корейн тIеман министро Ким Кван–джина.

Къилба Корейн Цхьаьнакхетаран министралло бахарехь, белхалойн бакъо хир ю юхаберза. Амма цу центре ваха йиш йолуш хир вац цхьа а.
800 сов корейхо висна Кэйсонехь. Цхьаьнакхетаран министралло бахарехь, дукхах болу корейхой шайн лаамехь бисна цигахь, шайн индустрин болх юкъах ца баккхархьамма.

Къилба Корейно а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а цхьаний тIеман Iамораш дIадахьарна карзахъяьллачу Къилбаседа Корейн лидеро Ким Чен Уна, шаьш «Къилба Корейца тIеман хьолехь ду» аьлла кхайкхийчхьа иръелла шина мехкан юкъаметтигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG