ТIекхочийла долу линкаш

ЖамI доцуш дIадирзина Сербин а, Косовон а бертан къамелаш


Европан Берто юкъаралла а лелош, Сербино а, Косовано а Брюсселехь дIадаьхьна бертан дагадовларш жамI доцуш дирзина.

12 сохьтана дахделла хиллачу дагадовларшкара араяьллачу Европан Бертан арахьарчу политикан хьаькамо Аьштон Кэтрина элира, шина агIна юкъара башхаллаш «чIогIа кIезиг, амма кIорга ю». Сербин а, Косовон а премьер-министрш Дачич Ивица а, Тачи Хашим а шайн пачхьалкхашка юхавоьрзур ву, цIахь дагавала Iалашонца, элира Аьштона.

Европан Бартах кхета лууш елахь, вовшашна юкъахь барт карор тIедиллина Брюссело шина а агIонна.
2008-чу шарахь Косовано ша йозуш ца хилар дIакхайкор ла ца ло Сербига. Иза къобалдан дуьхьала ю иза.
XS
SM
MD
LG