ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIан-пачхьалкхан Фарахь провинцехь динчу тlелатарехь велла мел лаххара а 50 стаг. 90-нна чевнаш йина


ОвхIан-пачхьалкхан Фарахь провинцехь кхерамазаллин ницкъашна а, тIемалошнаа юкъахь хиллачу тасадаларехь велла, мел лаххара а 50 стаг. Коьртачу декъана – маьрша нах. 90 сов стаг лазийна.

Кхаарин Iуьйранна тIелатар динера кхелан хIусаманна а, кхечу Iедалан хьукхматашна а. Цуьнца цхьана нуьцкъала эккхийтар дира, вала араваьлла хиллачу стага.

ТIалибийн тобанна тIехь йолийначу кхелана цхьананисделира тIелатар. Маршо радиога вистхиллачу Фарахь провинцин губернаторо дийцира, тIелатар дечу хенахь кхелехь 13 тIалиб вара. Амма кхелан кхеташонехь хIумма а ца хилира, аьлла.
XS
SM
MD
LG