ТIекхочийла долу линкаш

Адаман хье талла шуьйра Iилман проект йолон тарло Iамеркехь


Адаман хье талларца йоьзна, шуьйра Iилман проект дIаяхьа 100 миллион доллар ахча деха дагахь ву Конгрессе Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак.

ХIинццалц цкъа а ца хиллачу кепара лерина, адаман хьех лаьцна карта хIоттор ду BRAIN Initiative проектехь. Iилманчашна хетарехь, оцу талламаша аьтто лур бу эпилепси а, АльцхIеймеран цамгар а, аутизм а цамгарийн бух талла.

Нагахь санна и проект болх бан йолалахь, цигахь дакъа лоцур ду Iамеркан могушаллин Къоман институташа а, Пентагонан перспективан талламийн Агенталло а, Къоман Iилман фондо а.
XS
SM
MD
LG