ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Бертан байракх дуьххьара хьалаъайина Чехин президентан гIалина тIехула


Керла хаьржинчу президенто Земан Милоша хийцина, шел а хьалха шина муьрехь президент лаьттинчу, Европан Бертан бюрократийн структурийн критикан Клаус Вацлаван гIиллакх.

2004-чу шарахь Европан Бертах дIакхетта ю Чехи кхин а 9 пачхьалкхаца. Европан Бертан шен официала резиденцина тIехула Европан Бертан байракх хьалаъайа дуьхьало йора Клауса. Ткъа Земана, ша «европан федералист» дIакхайкхийна.

Байракх хьалаъойучу церемонехь дакъа лецира Европан Комиссин куьйгалхочо Баррозу Жозе Мануэла. Оцу юкъанна, Пражски ХIрадана уллехь акци дIаяьхьира иттаннаш дуьхьалончаша. Европан Комиссина а, Европан Комиссин гIентдена а дуьхьал маьхьарий диттира цара.
XS
SM
MD
LG