ТIекхочийла долу линкаш

Лазийначо цалазийнарг вуьгуш ву...


Мемориал организацин белхахо документаш кечдеш ю таллам бан баьхкинчарга дала, Москох, 28Заз2013

Мемориал организацин белхахо документаш кечдеш ю таллам бан баьхкинчарга дала, Москох, 28Заз2013

Бакъонашларъяран организацийн болх юкъахбаккха низам юкъа а даьккхина, цунах шуьйра пайда оьцуш ду оьрсийн Iедалш. Адамийн бакъонаш ларъечу, Iедалх йозуш йоцчу вовшахтохараллашна дуьхьал болх болийна оьрсийн Iедалша хIинца Нохчийчохь а. Цхьайолчарна ял лакхаяьккхина, вукхарна – миллионашкахь гIуданаш тоьхна. ХIинца шайн болх охьа а тесна, Iедална хьалха бехказайийла езаш ю, оццу Iедалша иэшош йолу, гIийлачу нехан бакъонаш ларъеш хилла вовшахтохараллаш.

Дуьххьара и таллам буолийна, йозуш йоцучу цхьанатуохараллийн кхеташонна тIера. Цхьа шо сов хьалха дуьйна, беш болу болх сацийначу цу цхьанатохарална, ял йоккхучу инспекцино кехат даийтина, цара цхьа миллион ах миллион сов сом ял яла еза а, цуьнцана гIуда а такха деза аьлла. Оцу цхьанатохараллан коьртехь йолчу Исаева Таисас, хаамийн гIирсашка дIахьедар дина, шай хьокхехь буолийна болу таллам, цхьа а бух болуш бац аьлла. Журналисташ шега телефон дукха еттара йолу дела, цо иза дIаейина, масне хуьлу, интервью лучу хенахь, оьгIазе цхьа хIума аьлча, цуьнан тIаьхьалонаш халу хира юй а хууш.

Чоьххьарчу гIуллакхан министраллийн, экстремизман доьхьала къийсам латточу декъера кехат селхана кхечу цхьанатохаралле а деана. Иза ю, «Нохчийчоьнан бакъонашларъяран центр» олуш ерг. Цуьнан куьйгалхочуьнца Эжиев Минкаилига, хIинцалца атта дара зIене вала, амма, тахана къаьстина хала хилира. Цо Iуьйрана дуьйна, цхьана даржхочуьнна тIе воьдуш, кхечуьнна тIе воьдуш де дайина. РогIераниг волчуьра ара а ваьлла, кхи цхьаъ волчу воьдучу хенахь, аьтто белира цуьнца телефончухулла къамел дан. Кхолладеллачу хьолах лаьцна цо ишшта элира.

Эжиев Минкаил: Соьга а кхаьчна кехат, экстремизман доьхьало ечу центрера. Шай балахах лаьцна, кхеташ а, финансийн агIо гойтуш долу документаш а, даийтхьара аш аьлла дара цу тIехь. Нохчийчохь мел йолу цхьанатохаралш, низаман гурана чуьр а ца йоьвлаш болх беш ю. ТIаккха, цхьанна а агIора, низамо ма бохху беш болх бу. Талламаш беш балахь, дIагайта тоьшаллаш а ду тхоьгахь. Цунна тхо кийча а ду.Новкъарло хира ю аьлла хеташ а вац со. Суна цул сов хетарехь, Оьрсийчохь йозуш йоцучу цхьанатохараллехь, агенташ бу боху, тIеэцначу низаман бахьанца лелош ду хIара хIума».

Маршо радио:
«Йозуш йоцчу цхьанатохараллехь хьакхалуш долу низам тIеэцначулла тIехь, шуна финансийн агIонна тIехь, муха хааделла?».

Эжиев Минкаил: «Цхьа агIора рицкъ ца латийча цхьанатохаралла ца йолу. Цхьацца юккъараллийн фондаш хуьлу. Iедалан цхьа новкъарлонаш еш, доьхьалонна акцешкахь дакъалацар ю, аьлла хета суна хIара талламаш буолабар. Амма, и болх лелош Нохчийочхь цхьанатохараллаш яц. Низамо ма бохху, болх бо цара».

Маршо радио: Йозуш йоцучу цхьанатохараллийн болх Нохчийчохь гIеххь гIелбала буолабелира, 2009 шарахь, «Мемориалан» коьрта белхахо а, журналист а Эстемирова Наталья муьлша бу ца хуучу герзхоша йийначулла тIехь. Дукхахболчу бакъонашларъярхошна, гIоле хийтира, Iедалан куьйга кIела бахар. Бисинчара, уьш цхьана куьйга пIелгашца а багарлура болуш бара, шай болх хIинцалца дIахьош бара, амма, церан а аьтто бацара, хьалха санна, оцу тIегIан тIехь жигаралла гайта. Гарехь, хIинца, оцу бисинчеран лаг лаца Iалашонехь ду Iедалш.
XS
SM
MD
LG