ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имам диканиг велахь, маьждиг дуьзна хир ду


Соьлж-гIаларчу Коьрта маьждигехь ламазаш деш, 10Заз2011
Соьлж-гIаларчу Коьрта маьждигехь ламазаш деш, 10Заз2011

Ярташкахь имамаш шайн декхаршца ларабаларан а, цара кхетош-кхиоран болх лаккхарчу тIегIанахь дIабахьаран а гайтам лору Нохчийчура динан урхалло бахархой джамаIатехь ламазаш дан маьждигашка дIагулбалар.

Нагахь церан терахь лакхар делахь имам дика болх беш ву, дацахь - ледара. Церан болх зуьйш, буьйсанна пхьуьйра ламазан хенахь а, сатасале Iуьйра ламазан хенахь а, шайн лааме хьаьжжина, муьлххачу юьрта ламазе кхочу муфтиятан лакхарчу тIегIан белхой, цу урхаллин хьаькам ша Мирзаев Султан биста кхаччалц.

Кху карабеъначу оханан беттан 2-чу дийнахь ,масала,мехкан бусалбан нехан хьалханча Мирзаев Султан Iуьйра ламаз деш хилла Гуьмсан кIоштан Джалка эвлахь.Цо цигахь джамIатехь дечу Iуьйра ламазан дозаллех бахархойн кхиош,пайхамаран хьадисаш а далош хьехамаш бина, (Делера салам маршала хуьлда цунна).

Муфтиятан хаамийн хьостано билгалдаккхарца Мирзаевна тоаме хетта Джалка юьрта маьждигехь латто цIано а,сА а тасале джамIатехь ламазаш дан юьртахой цига дIагулбалар а.

Нисса бIостанехьа,ледара сурт тергалделла ТIехьа-Мартанан кIоштан СемаIаш юьртахь цу кIоштехь бахархой иманехь совбахуш кхетош-кхиорна жоьпалле волчу Мирзаев Султана гIоьнчана Хамдиевна. Цо билгалдаккхарца маьждиган чохь а,кертахь а, кетIахь а куьг тоха, цIано ян хьашто йолуш дукха дезарш ду. Цо и кхачамбацарш сихонца дIадаха декхарийла вина имам. ТIелацам а бина герггарчу хенахь юха а СемаIашкарчу Делан хIусме кхача а,изза хеттарш тидаме а эцна, юха а зераш дан а.

Муфтиятера куьйгалхой коьрта говзанчаш а болуш,цу кеппара зераш ду дIахьуш массо а кIошташкахь а,ярташкахь а. КIезиг масалш дац,маьждигашкахь Далла Iамал ян луурш кIезиг хиларна а,кхачо йоллуш цIано цахиларна а имамаш даржашкара бохийна а.

Ала догIу имам а, молла а, милла а балхара дIаваккхарх,церан дарж караэца тахана Нохчийчохь Iаламат дукха дешна нах хилар.Кху цIахь бусалбан динан кIоргенашка кхача гIиртинарш боцуш,лакхар доьшийлаш чекх а яьхна,хIора шарна а иттаннашкахь,ткъаннашкахь цIа оьхуш бу вайнехан кегийрхой Iаьрбийн пачхьалкхашкара а.

Схьагучу суьртехь уьш кIезиг цахиларан а,имам а ,молла а даржаш дIалеца луучийн могIарш,дукълахь бен лилха цадовларан а бахьнех цхьаъ лору .цхьаболчу тергамхоша,царна алапаш хIитто кхузахь Iедална шатайпа некъ карийна хилар. Ишколашкахь,дарбанан цIийнашкахь,кхечу хьукхмат урхаллашкахь нехан вон-дика луьстуш болу молланаш а,имамаш а дIаязбина бу хехой санна а,яккхий пешаш яго белхой санна а ,ур-аттал балетмейстерш а,пондарчаш а санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG