ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Корейно Цхьаьнатоьхна Штаташна кхерам тесна


Къилбаседа Корейно Цхьаьнатоьхна Штаташна варе дина, шен эскархой муьлххачу а хенахь кийча бу Iамеркахошна «къинхетам боцу тIелатар дан». Ур-атталла, заррат герзах пайда а оьцуш, аьлла.

Тахана тесна кхерам, Пхеньяно тIаьхьарчу хенахь Вошингтонна а, Сеулна а туьйсучу могIарера бу. Къилбаседа Корейн Телеграфан агенталло эсскарерчу куьйгаллина тIе а тевжаш бечу хаамца, къилбаседа корейн эскарш кийча ду хIуъа хилахь а. Эшахь, Цхьанатоьхначу Штатийн агрессина дуьхьало ян а.

Цхьаьнатоьхна Штаташа Гуаме ракеташна дуьхьало ен комплекс дехьаяккха дагахь ю аьлла, Пентагоно динчу дIахьедарна тIаьххье аьлла иза Пхеньяно. Iамеркан т1еман министро ХIейгел Чака бахарехь, Къилбаседа Корейн Iедалша деш долу дIахьедарш, цара шайна а, шайн Азин-Мелчу хIурдан регаионерчу бертахошна а «хила тарло, бакъболу кхерам санна тIеоьцу».
XS
SM
MD
LG