ТIекхочийла долу линкаш

Пхеньянера арахьарчу пачхьалкхийн векалаллаш араяхар дехна Къилбаседа Корейно


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс бахарехь, Цхьанатоьхначу Штаташца а, Китайца а, Къилба Корейца а, Японица а уллера дагадовларш дIахьуш ю Москох Къилбаседа Корейно, Пхеньянера векаллаш араяха аьлла дина дехар дуьйцуш.

Цо бахарехь, Оьрсийчоь а, кхиндолу къаьмнаш а хьолна тIахьакхиа гIерташ ду. Британин арахьарчу гIуллакхийн министралло бахарехь, Пхеньянан дехар, «цуьнан риторикан» дакъа ду.

ПIераскан Iуьйранна, Къилба Корейн Йонхап цIе йолчу, хаамийн агентталло аьллера, ракеташна дуьхьало ен система тIехь йолу шиъ хIурдан тIеман кема малхбален а, малхбузен а хина йисте дигина Сеуло.

Даханчу кIирнахь Пхеньяно дIахьедар динера ша Къилба Корейца «тIеман хьолехь» ю аьлла.
XS
SM
MD
LG