ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мухха хьовзийча а, къизалла дIа ца яккхало оьрсийн набахтешкара


ТаIзар Даран Федералан Сервисехь керла реформа ян кечлуш ду оьрсийн Iедал. ХIинцалера, 2009-чу шарахь йолаелла, адамаллин кеп юкъаялоран реформа, кхочуш ца хилла бохуш яздина оьрсийн «Известия» газето. Реформин керла концепци кхолларехьа вистхилла оьрсийн омбудсмен Лукин Владимир.

Дийцарехь, хIинцалерчу реформано иэшийна 150 эзар тутмакхан бакъонаш. Шайн цIенна генарчу набахтешка дехьабаьхна хилла уьш, юкъараллица а, доьзалца а юкъаметтигаш хедош. Газето билгалдоккху, карахь долчу хьолехь, набахтешкахь хенаш йохуш, доккха зеделла болу тутмакхаш а, дуьххьара чубоьхкинчарца цхьаьна нисло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG