ТIекхочийла долу линкаш

Оффшорера банкашкахь 20 триллион доллар къайладаьккхина 170 пачхьалкхера 130 эзар стага


Дуьненаюкъарчу журналистийн талламо билгалъяьккхина, оффшорера банкех пайда оьцучу, 170 пачхьалкхера 130 эзар стеган цIе. Вошингтонехь туп тоьхначу талламан журналистикан консорциумо еарин дийнахь зорбане яьхна и цIераш. Цу организацина юкъавогIу коьртачу дуьненан хаамийн гIирсийн 60 пачхьалкхера репортераш.

Оффшорера банкашкахь ахчанаш латточарна юкъахь оьрсийн вице-премьеран Шувалов Игоран зуда а, Азербайджанан президент Алиев Ильхьам а, цуьнан зуда а, йоIарий а бу.

Ши миллион ах миллион къайлаха документ юкъабогIу интернете баьхначу хаамашна. Къайлаха чоташ йиллина, и бахьанехь ял яларх кIелхьарбовлучу хьоладайн цIераш а ю цу юкъахь. Цхьаццадолчу хьесапца оффшорера чоташна тIехь 20 триллион доллар къайладаьккхина латтош ахча хила тарло ду.
XS
SM
MD
LG