ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхана ямарт хиларна кхеле озош ву, Пакистанан президент лаьттина Мушарраф Первез


Пачхьалкхана ямарт хиларна, шайн пачхьалкхан президент лаьттинчу Мушарраф Первезана дуьхьала баьккхина бехк талла реза хилла Пакистанан Лаккхара Кхел. Оршот дийнахь ладегIарш дуьйлалур ду. Кхеле латкъам бинарш меттигера юристаш бу.

Урхалла дечу заманчохь Мушаррафа шозза конституци йохийна бохийна цара. 1999-чу шарахь – инарла Мушарраф Iедале валийна болу тIеман карчам беш, коьрта низаман болх сацийначу хенахь а, 2007-чу шарахь, цо махкахь чолхе хьал кхайкхийначу хенахь а.

Диъ шо цIераваьллачехь даьккхина волу Мушарраф, Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь шен лаамехь Пакистане юхавирзира. Стигалкъекъа баттахь хир болчу парламентан харжамащкахь дакъа лаца дагахь ву иза.
Экс-президент кхин а масех зуламанна бехке веш ву. Цу юкъахь ду, 2007-чу шарахь хIетахьлера премьер-министр Бхутто Беназир ерах хьакхавелла хила тардалар а ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG