ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЖамI доцуш дирзина Алматахь ГIажарийчоьнан заррат программех хIоттаделла дов дийцар


Европан Бертан арахьарчу политикан куьйгалхочо Аьштон Кэтрина бахарехь, Алматахь шина дийнахь эвсара дагадовларш диннашехь, дуьненан нуьцкъалчу ялханнен а, ГIажарийчоьнан а позицеш вовшашна дикка генахь ю.

Оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Рябков Сергейс элира, «шина агIонан вовшех кхетарх гIуллакх ца хилира», рогIера цхьанакхетаран меттиг а, хан а билгал яккхаелира, аьлла.

ГIажарийчоьнан заррат программех хIоттаделла дов дийцира Алматахь шина дийнахь.
Кхин а пхи кIира даьлча юха а Алматахь ГIажарийчоьнца цхьанакхетар ю Iамерка, Оьрсийчоь, Китай, Франци, Британи, Германи а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG