ТIекхочийла долу линкаш

Маргарет Тетчер кхелхина



Ингалсехь премьер-министр Ιийна Тетчер Маргарет кхелхина оьршот дийнахь. И хаам бина цуьнан пресс-секретара Белл Лорда. 87 шо кхаьчна йолу «Болата Леди» шех дуьнено а олуш яьхна Тетчер сапарггΙат дΙаяьлла шена хиллачу инфарктах, хаам бо Лондоно.

Кху тΙаьххьарчу беттанашкахь могашалла эшна яра цуьнан. Премьер-министра Кэмерон Дэвида, Ингалсан «сийлахь баьчча» дΙаяьлла элира, Тетчерх кадам беш. Иштта шен халахетар довзийтина ингалхойн Эланийн ЦΙийно а.

Кхузза харжамашкахь консерваторийн парти а тоьлаш, Ιедалан коьртехь лаьттина Тетчер Маргарет. Оцу маьΙнехь аьлча, Ιедалан мукъа карахь латторца Ингалсехь рекорд яра цо яьккхинарг кху тΙаьххьарчу шина бΙешерачохь.
XS
SM
MD
LG