ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лулахоша туьйсу кхерамаш лахбеш ю Сеул



Къилба Корей мелла а оьзда, хьожуш хила гΙерта луларчу коммунизман некъахь йолчу Къилбаседа Корейх лаьцна ша дечу къамелашкахь. Цуьнан тΙеман министралло оршот дийнахь хаам бина, луларчу пачхьалкхо туьйсу заррат герзан кхерамаш хьашт дац тΙех бестош тΙеэца аьлла.

Иштта дижо гΙерта Сеул шен Пхеньянца гΙоьртина лаьттачу юкъаметтигийн хьал. Бахначу баттахь Къилбаседа Корейно зарратан бомбанаш зеран кхозлагΙа мур болор бахьана долуш, чолхене евлира шина мехкан юкъаметтигаш.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино чΙагΙйира санкцеш. Оршот дийнахь дуьнан юкъараллан куьйгалхочо Ги Мун Пана кхайкхам бина Къилбаседа Корейга провокацеш совцор доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG