ТIекхочийла долу линкаш

Путин реза вац шена Меркела йинчу критикана



Президента Путин Владимира шена ша адамийн бакъонаш ларъе Оьрсийчуьра юкъараллаш охьатеΙайо аьлла, Германин политикаша йинчу критикана дуьхьал жоп луш, Оьрсийчоьнан бакъо ю и юкъараллаш тергонехь кхаба а, цара кхечу мехкашкара ахча схьаоьцуш хилар зен а, аьлла, жоп даржийна.

Ганноверехь Германин канцлерца хиллачу къамелехь Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхоша кхушеран беттанашкахь 1 миллиард доллар ахча эцна арахьара, элира Путина. И ахча кхечу дикачу гΙуллакхе хьажон а магара, аьлла, тΙ а тухуш. Ткъа Меркела хаийтира ша Кремло демократи эшош хиларна реза йоцийла.
XS
SM
MD
LG