ТIекхочийла долу линкаш

Интервью: Нехан маьршонашкахьа къийсина стаг ю Тэтчер Маргарет


Маршо радиохь - Косован президент Яхъяга Атифете, Маршо радион вице-президентца О'Салливан Джонца, 10Гlа2011

Маршо радиохь - Косован президент Яхъяга Атифете, Маршо радион вице-президентца О'Салливан Джонца, 10Гlа2011

1986-чу шарахь дуьйна, 1988 шо кхачалц, Британин премьер-министр хиллачу Тэтчер Маргаретан Даунинг стритерчу офисехь цуьнан лерина хьехамча а, цуьнан рапорташ яздина а ву журналист О’Салливан Джон. Тэтчер цу даржера дIаяхча, цуьнца цхьаьна Тэтчеран мемуараш язъйинчу шина журналистех цхьаъ а ву О’Салливан. Маршо радион кхочушдаран редактор а, вице-президент лаьттинчу О’Салливанца Тэтчерх лаьцна къамел дира Маршо радион корреспондента Хизер Маара.

Маршо радио: Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида аьлла ББСига, «Тэтчер Маргарета тхан пачхьалкхана урхалла дина ца Iа, цо тхан пачхьалкх кIелхьараяьккхина», аьлла. Муха кIелхьараяьккхира цо Британи?

О’Салливан: Британи, коьртачу декъана, экономикан агIора кIелхьараяьккхина цо. Иза премьер-министран дарже хIоьттинчу хенахь, (1979 шарахь) «реза ца хиларан Iа» дIадаьлла хан яра. Хьуна дагадогIуш хила там бу, хIетахь Британин маьI-маьIIехь гIаттамаш бара. Ливерпулехь белларш дIабухкуш бацара, Лондон нехех йоьттина яра. Лейчестер майданахь а яра нехаш.

Даге лазарш оьхуш болу дархой юхаберзабора дарбан-хIусамашкахь лаьттачу пикеташа. И кхо масала ду. Амма юкъара аьлча, дан амал ца хиларна, Британи уьшала южуш яра. Цхьа ондда гIулч яра яккха езаш.

(Pictures of trash-filled London: http://www.businessinsider.com/thatcher-and-the-winter-of-discontent-2013-4)

Цо кхо хIума дира. Уггар хьалха цо низам хийцира, белхахойн берташна а, церан декъашхошна а тIехьажа таро лучу кепара. ШолгIа, ахчан барам совбаккхар сацийра; ахчан мах а тобира. КхоалгIа, бахам долабаккхарехь а, экономикан маьршонехь а, дуьнено а масала оьцур долу революци ян хIоьттира иза. Наха приватизаци юьйцучу хенахь, царна Британера Тэтчер хьахон дицло.

Британи -- Британин премьр-министр лаьттина йолу Тэтчер Маргарет карарчу хенахь Британин премьр-министр волчу Кэмерон Дэвидца, Даунинг стритан неIарехь, 08Ман2010

Британи -- Британин премьр-министр лаьттина йолу Тэтчер Маргарет карарчу хенахь Британин премьр-министр волчу Кэмерон Дэвидца, Даунинг стритан неIарехь, 08Ман2010

Иштта, акционерийн класс кхоьллинера, цул хьалха цкъа а оцу кепара бахам ца хиллачарна юкъахь. Лар юьтуш болу хийцамаш бира цо Британерчу юкъараллехь. Иза Iедале еана итт шо далале, дуьненарчу нуьцкъала итт экономикех 4-ниг яра Британи.

Маршо радио: Иза чIогIа а бIобулуш хиллачух тера ду ша динчух. Цо цкъа аьллера «со консенсус лоьхуш политик яц. Со баккъалла а тешаш йолчу хIуманна дуьхьа лелаш йолу политик ю.» ХIун дара цунна тIе цуьнан ойла яхийтинарг?

О’Салливан: Иза Ингалс мехкан провинцехь хьалакхиина ю. Хасстоьмаш бухкуш хилла цуьнан да. Цо гуттар алара, шен ден туьканахь болх баро, шен экономикан хьажарна тIеIаткъам бина. Оцу балхо либералан экономикан хьалхара хIума довзийтина шена, олий. Кхеташ ма-хиллара, шен теореш цо тIаьхьуо академикан тIегIанна тIе ехира.

ШолгIа, иза методист яра. Цуьнан жималлехь Ингалс махкахь хилла, мелла а шогуо йолу керста динан кеп яра, дика гIуллакхаш даран. Керста динан оцу кепе яханера иза. Онда методист а яра иза. Ша елла дIаяллалц, чIогIа тешаш стаг яра иза. Динан билгалонаш цо ца лелайора, амма цунна коьрта дара и дин.

Керста динера теолого, англиканийн мозгIаро Уэсли Джонан дешнаш олуш хазахетара цунна: «Хьайга мел даккхалуш дерг даккха, хьайга мел ларлуш дерг ларде, хьайга мел далало, дIало». Суна хетарехь, цу тайпа керстанийн амалшца яьхна иза.

Маршо радио: Дуккха а нахана езаш яра иза. Амма дуккха а нахана бIаьрга схьаян ца езара – Iаламате тамашийна стаг яра иза. Ур-атталла, шен Тори партера а дIаяхара дийзира цуьнан, ца езар бахьана долуш.

О’Салливан:
Кхеташ ма-хиллара, дуккха а девнашкахь дакъа лаца дезна цуьнан. Цунна хаа а хаара иза, къийсара цо. (Партера) ДIаяха дезар, гуш долчу бахьанашца хилира. Амма цуьнан сий ца дожийра цо. Иза тIехьаьжча а гуш дара. Ша, чIогIа майра амал йолуш яра иза. Дика къийсадаларш а, аргумент а езаш яра иза. Ша бакъ хиларх тешна а яра. (Партера) дIаяха дезнехь а, цунна боккха тIеIаткъам ца хилира цунах.

Цхьанатоьхна Штаташ -- Британин премьер-министр лаьттина Тэтчер Маргарет Iамеркан президент хиллачу Рейганан Роналдан тезетахь, 09Ман2004

Цхьанатоьхна Штаташ -- Британин премьер-министр лаьттина Тэтчер Маргарет Iамеркан президент хиллачу Рейганан Роналдан тезетахь, 09Ман2004

Маршо радио: Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Рейган Роналдан йоккха доттагIа яра иза. Цунах цкъа – шен цIийндел Деннисал тIаьхьа, шен дахарера уггар маьIне стаг ву алара цо иза. Хьуна дагадогIий, цершиннан доттагIалла муха доладелира?

О’Салливан: 1975-чу шарахь иза консерваторийн лидер хIоьттина кIира, я шира даьллачул тIаьхьа доладелира доттагIалла. Вуьшта, Лондоне веана вара Рейган, иза ган веана вара иза. Цхьаьний цхьа ах сахьт даккха дезаш дара и шиъ. Цхьа сахьт ах сахьт я, ши сахьт даьккхира моьтту суна царшимма. ХIетахь цо сацам бинера, ша цуьнца уьйраш латтор ю аьлла. Цо а изза сацам бина хиллера. Ишта доладелира.

Амма баккъалла а политикан уьйраш тасар 1981- шарахь доладелира, Тэтчер шен цIахь боккха Iаткъамна кIел йолчу хенахь. Иза дуьххьара Вошингтоне яханчу хенахь, Рейганан дукхах болу белхахой иза цунна геннахь латтон лууш бара. Амма, цо иза ца дира. Цунна гонаха йоккха гIовгIа яьккхира цо. Iедалан цIарах суьйре йина ца Iаш, цо Британи вола аьлча, тIелецира. Протоколана дуьхьал долу и хIума президенташа деш ца хуьлу. Цул сов, цунна тIехула куьг а даьккхира цо, «Тхо цхьатерра хIума деш ду, тхо нийса а ду» бохург олуш санна. Хазачу доттагIаллин юьхь яра иза цунна а, Рейганна а.

Амма и шиъ гуттар а къуьйсуш хилара. Доккха дов ца хилара цунах, амма, боккъалла а тасалора и шиъ. Амма, шайн ма-хуьллу, нахана юкъахь деладелла, декхаделла хилара.

Маршо радио: Историко Олдос Ричарда яздинера шен «Рейган а, Тэтчер а: юкъаметтигийн чолхенаш» цIе йолчу жайни тIехь, церан уллера хилар, дикка кечъйина моттаргIанаш яра. Ур-атталла, Европа коммунизмах паргIатъяккхаран политикехь а. Рейганал а оьгIазе хила лууш яра Тэтчер, амма ший а Москохана удьхьала бертахь хила лууш дара.

О’Салливан: ХIаъ, дукха хIуманна тIехула барт ца хилара цершиннан. ХIетахь иза мелла а чIогIуо яра Рейганал а. Юха Рейган хилара ишта. Масала, Советан пачхьалкхера маьхкадатта тотту биргIа Германе йигар сацочехь иза ондо вара. Тэтчер, берта кIел куьг таIийна хиларе терра, дуьхьало ян ца хIоттара цунна. Цул сов, Британехь дуккха а белхаш кхерамна кIел нислур бара.

Цхьаьна ца дараш дара дера. Фолклендшкара тIамехь а дара. Iамерка Гренадина чугIортарехь а дара. Амма и башхаллаш шайна юкъахь къастайора. Атлантикан Альянсахь цкъа а цхьана ца дараш ца хилла. ХIетте а дукха гIортор йора цо Рейганна. Масала, Малхбузера Европехь Iамеркан ракеташ хIитточу хенахь – цо боккъалла а гIо дира шийлачу тIамехь толам боккхуш. Оцу массо хIуманна жамI дича го, дукха хьолахь, шиннена а пайдехь дара и доттагIалла.

Британи -- Чехословакин президент ХIавел Вацлав (Аьр) ладугIуш ву шега Британин премьер-министро Тэтчер Маргарета дуьйцучуьнга, Даунинг стрит, Лондон, 21Заз1990

Британи -- Чехословакин президент ХIавел Вацлав (Аьр) ладугIуш ву шега Британин премьер-министро Тэтчер Маргарета дуьйцучуьнга, Даунинг стрит, Лондон, 21Заз1990

Маршо радио: Масех тIаьхьара шо Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европехь даьккхина ахьа. Цигахь дуккха а наха 1980чу шерашкахь Тэтчер шайн маьршо ларъйина стаг лору. Иза хIинца а ишта дуй?

О’Салливан:
Иза нехан маьршонаш ларъярхо яра. Сан къамел хилла дукха а нах чIогIа там хуьлуш бара и бакъдерг тIечIагIдеш. Цул сов, барт хиларна йоккха гIортор еш йолу стаг хилла ца Iаш, оьшучу хенахь диссиденташна гIортор а йора цо. Цуьнан хьехамца Британин арахьарчу гIуллакхийн министр ша Полше вахана волуш, кеманна тIера охьа ма-воьссина, режимо вийначу Попелушко Йежин коша тIе хIотта вахара.

Цундела, хIаъ, уьш хилла хIуманаш ду. Британин Iедалехь коьрта ницкъ бара иза, Советан пачхьалкхан коммунистийн Iедална онда критика ечех. Эххар а, коммунисташна дуьхьал дечу онда дIахьедаран деклараци а яра иза.
XS
SM
MD
LG