ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри а, Нетаньяху а леткъа ТехΙеранан хьокъехь



Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Израило а рогΙера дΙахьедар дина ГΙажарийчоьне, шаьш доьхку цунна зарратан герз кхолла, аьлла. Иерусалимехь шинарий дийнахь Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона элира, Тегеран ца туьгу дуьненна шен зарратан программа, къайленехь а ца латтош, йовзийта, аьлла.

И къамел цо дира Израилан премьер-министрца Нетаньяху Биньяминца цхьаьнакхетар дерзош хиллачу пресс-конференцехь. 2010-чу шарахь совццарх, хаьдда Израилан-Палестинан берта дийцарш дΙадахдарехь къахьега барт а бира Керрис а, Нетаньяхус а.

Палестинехь а, Израилехь а хиллачул тΙаьхьа Керри Джон вахана пачхьалкхийн арахьарчу гΙуллакхийн министраш гуллучу Лондонерчу кхеташоне.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG