ТIекхочийла долу линкаш

Дуьне кхерамехь кхобу Пхеньяно



Кореян ах-гΙайри тΙехь икккхина жима инцидент, урхаллера а яьлла, доккхачу девне ерзарна кхерам бу, аьлла, дΙахьедина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарла секретара Ги Мун Пана. И цо элира Римехь ша еллачу пресс-конференцехь.

ДΙахьедар дира цо Къилбаседа Кореян Ιедалша, тΙом баьлла меттиг ягΙахь, ша жоп ца ло шун кхолламах, аьлла, Къилба Кореярчу хьешашна а, кхечу мехкийн дипломаташна а шайн махкара арабовла хьехам барца доьзна.

Бахначу баттахь Пхеньяно кхозлагΙа а зарратан ракетийн зераш дΙадаьхьча телхина цуьнца цхьамогΙа пачхьалкхийн юкъаметтигаш.
XS
SM
MD
LG