ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уранан маьΙда даккхар шордина ГΙажарийчоьно



ГΙажарийчоьнан информацин ИРНА-агенталло хаам бина, шайн пачхьалкхо уранан маьΙда доккху керла ши хьоста а, уран кечде хьукмат а схьайиллина аьлла. Йезд олучу къоштана гена доццуш болийна ГΙажарийчоьно и болх. Йездеххьий, Резайнежад олучу меттеххьий доккху уранан маьΙда кхачадо Ардакан-гΙаларчу зарратан хьукмате. Цигахь 60 тонна уран кечдойла ю ГΙажарийчоьнан.

Дахначу кΙиранах Казахстанехь зарратан дайш болчу мехкийн векалийн аьтто ца белира ТехΙеранца дечу дийцаршкахь барт карон. Малхбузено бехкейо ГΙажарийчоь зарратан герз кхолла гΙерташ хиларна. Ткъа хьалха а санна, и дацаре до ТехΙерано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG