ТIекхочийла долу линкаш

Березовскийн бахам бухкуш бу



Ши кΙира хьалха Лондонехь веллачу совдегаран Березовский Борисан долахь хилла «ТхΙундер Б» цΙе йолу яхта доьхкина Хорватерчу эцархочунна, хаам бина Нидерландерчу яхтийн брокерийн «Де Валк» чоьно. Йохк-эцархой цΙерш яьхна яц, бац бовзийтина мах а. Амма хьалхо зорбанехь хаийтина мах бара оцу хинкеман 5 миллион евро.

Ша и яхта дара 2011-чу шарахь Оьрсийчоьнан Инарла Прокуроран дехарца Францехь лаьцна кхобуш. Ткъа тΙаьхьо иза мукъадаьккхира францхоша, цуьнан да ву аьлла язвина Березовский а воцуш, цхьа кхин хьукмат ю, аьлла.
XS
SM
MD
LG